Презентация по чеченской литературе "Цергков"
- Рубрика: Презентации / Другие презентации
- Просмотров: 0
Презентация для классов "Презентация по чеченской литературе "Цергков"" онлайн бесплатно на сайте электронных школьных презентаций uchebniki.org.ua
1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу дийцар довзийтар, нийса а, кхеташ а, шера а дийцаран тексташ йеша 1амор; ойлайар, тидамбар, къамел кхиор;
кхетам – кхиоран: дешаре болу безам к1аргбар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна девзар ду 1. Гайсултановн
«Цергков» ц1е йолу дийцар. Берашна 1емар ду нийса а,
шера а дийцаран тексташ йеша. Берашна 1емар ду чулацам
талла, цунах кхета. Берашна 1емар ду шайн амалехь вониг
ган, иза д1ататта.
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг схьайийцитар.
- Х1ун йеллера шуна ц1ахь 1амо?( 1. Мамакаевн «1а» ц1е
йолу стихотворени дагахь 1амо).
Схьайийца стихотворени.
2. Дешаре шовкъ кхоллар.
Кица «Церг – деши ду, мотт – бала бу».
- Муха кхета шу цу кицанах?
Мотт шарбар.
Йиш лакхахьа, ч1ег1ардиг,
Дог деладеш, хьомениг.
- Ииш йац, йиш йац, - боху цо,
- Ц1ено деш ду х1инца со.
Дийнахь сарралц лела и,
Кхоьхьуш поппар, идош хи.
Тхов к1ел бен беш ду иза,
Т1ома лелаш хаддаза.
- Д1айеша стихотворени массара цхьана меллаша.
- Д1айеша стихотворени массара цхьана хезаш.
- Шуна гиний ч1ег1ардиго бен беш? Муха хуьлу ч1ег1ардиган бен?
1алашо йовзийтар.
- Муьлха дийцар ду вайна тахан даа 1амо билгалйаьккхина?
(«Цергков» ц1е йолу дийцар).
- Мила ву цуьнан автор? (1. Гайсултанов)
- Вайна тахана девзар ду 1. Гайсултановн дийцар «Цергков» ц1е
йолу дийцар. Вайна 1емар ду нийса а, кхеташ а, шера а
дийцаран тексташ йеша. Шуна хуур ду вон х1ума ган, цунах
лардала.
Керла тема хьехар.
1. Хьехархочо д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу
дийцар.
2. Чулацамах къамел дар.
- Шеран муьлха зама йу дийцар т1ехь йалийнарг? (1а)
- Муха дара денош?(Шийла дара, дарц даьлла).
- Муха дара бериййн дахар? (Бераш самукъадолуш дацара).
- Х1унда? (Церан арахь ловза йиш йацара).
- Муха д1ахьора бераша хан? (Бераш вовшашка хьошалг1а
г1ора, амма баккхийнаш болчохь шайна ма луу ловза, хабар
дийца таро йацара. Цундела самукъа ца долу церан).
Дешнаш т1ехь болх:
синкъерам – веселье, развлечение;
сакхт – порок; дефект, физический недостаток;
куралла – высокомерие; зазнайство.
Сада1аран миноташ.
Бераш, гуо бохуш лела xlapa байташ а йоьшуш:
Т1араш тухуш, т1араш тухуш
Суна т1аьххье дуьйлало.
Хаьн т1е куьйгаш х1иттаде.
Цхьаъ - схьаверза,
Шиъ - д1аверза.
Кхоъ - охьата1а,
Виъ - хьалата1а.
Т1араш тухуш, т1араш тухуш,
Суна т1аьххье дуьйлало.
Йуха хаьн т1е куьйгаш х1иттош,
Когаш тохий, кхоссало.
Мотт шарбар.
Чехкааларш:
1. Чопа чоьлпи чохь, чоьлпа – чорпи чохь.
2. Со чу шершанчухула ча чу ца шерша,
ча чу шершанчухула со чу ца шерша.
Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша меллаша д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е
йолу дийцаран 1 - ра дакъа.
2. Бераша хезаш д1адоьшу 1. Гайсултановн «Цергков» ц1е йолу
дийцаран 1 - ра дакъа.
3. Сурт диллар.
- Бераш сурт дилла дарц даьллачу дийнан.
1. Рефлекси.
Дийца шайн кхиамех лаций.
Суна 1еми ...
Суна хии ...
Суна кхета хала дара ...
Со ца кхийти ...
2. Хаарийн мах хадор.
(Мах дешархошка шайга хадабойту.)