Презентация по чеченской литературе "Хьекъал тоьлла"
- Рубрика: Презентации / Другие презентации
- Просмотров: 0
Презентация для классов "Презентация по чеченской литературе "Хьекъал тоьлла"" онлайн бесплатно на сайте электронных школьных презентаций uchebniki.org.ua
1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг карладаккхар;
кхиоран: 1. Чантиевн «Хьекъал тоьлла» ц1е йолу туьйра довзийтар; нийса а, шера а, кхеташ а туьйранан тексташ йеша; ойлайар, тидам бар, къамел кхиор;
кхетам - кхиоран: дешаре болу безам к1аргбар.
Билгалбаьхна кхиамаш: берашна 1емар ду нийса а, кхеташ а, шера а туьйранан тексташ йеша. Берашна хуур ду чулацамах кхета, текста йукъара цхьацца алар талла. Берашна хуур ду туьйранан а, дийцаран а произведенин башхаллаш йовза. Берашна 1емар ду хьехархочун хаттаршна жоьпаш дала, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1айеша.
Догдаийтаран мур.
Кицанаш:
1. Цахиндерг ма дийца, дийцинарг кхочушде.
2. Цхьа дика доцуш вон ца дог1у.
3. Цахуург хаттар – хьекъал.
Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь 1амийнарг хотту.
- Х1ун йеллера шуна ц1ахь 1амо?
(«Муьлха йоккха хилла» ц1е йолу туьйра схьадийца).
- Схьадийца туьйра.
Дешаре шовкъ кхоллар.
Малонча.
Школехь бека горгали:
- Самавала, Сайд – 1али,
Хьалаг1атта, школе г1уо,
Т1аьхьавуьсуш лаьтта хьо,
Хьан нийсархой д1абахна,
Ца воьдуш хьо ц1ахь висна,
Бераш доьлуш хир ду хьох,
Висна, бохуш, вижна чохь.
Школехь бека горгали:
Самавала Сайд – 1али,
Хьоьга кхойкху йишхаьлла,
Х1унда вац хьо т1ах – аьлла?
Д1айеша меллаша, д1айеша чехка. Хьанах лаьцна йу байт?
Муха к1ант ву Сайд – 1али?
Мотт шарбар.
Т1ай т1ехула йог1ура,
Сира газа йог1ура,
Ц1ога лестош, йог1ура.
Г1уркхах д1атесира,
Хи чу ша йуьйжира.
Ша цатешарг - хьажал д1а
Гонна йукъара вала схьа.
- Д1айеша меллаша цхьанаэшарехь массара цхьана.
- Д1айеша хезаш массара цхьана цхьанаэшарехь.
- Дагахь 1амайе.
1алашо йовзийтар.
- Муьлха произведени йу вайна тахана 1амо билгалйаьккхина?
(«Хьекъал тоьлла» ц1е йолу произведени).
- Мила ву цуьнан автор? (1. Чантиев).
- Вайна тахана девзар ду 1. Чантиевн «Хьекъал тоьлла» ц1е йолу
туьйра. Шуна 1емар ду нийса а, шера а, кхеташ а тексташ йеша.
Вайна 1емар ду хаттаршна жоьпаш дала, чулацамах кхета. Вайна
хуур ду туьйранан а, дийцаран а произведенин башхаллаш йовза.
Дешнаш т1ехь болх:
ницкъ – сила, мощь;
майралла – храбрость, мужество, отвага;
хьекъал – ум, рассудок;
доьналла – выносливость, стойкость,
мужество.
Керла тема хьехар.
Хьехархочо д1адоьшу 1. Чантиевн «Хьекъал тоьлла» ц1е йолу туьйра.
2. Чулацамах лаьцна къамел дар.
- Х1ун къовсам хилла Ницкъан, Майраллин, Хьекъалан?
- Хьенах дагабевлла уьш?
- Царна х1ун г1уллакх т1едиллина воккхачу стага?
- Мича д1адиллина деши Ницкъо?
- Майралло?
- Хьекъало?
- Муьлханиг тоьлла царех?
- Х1ун бахьна ду хьекъал толаран?
Сада1аран миноташ.
Саца, машен!
Х1окху ловзаро ритм ларйан 1амадо бераш.
Массара а цхьаьний:
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Саца, машен, саца, машен,
Саца, машен, саца!
Х1ораммо а ритмехь, цхьанаэшшарехь керайууккъе
байн буй бетта, багахь и байташ а йоьшуш. Йуха
массара а шайн - шайн дагахь йоьшу уьш. Оьшшучу
хенахь, массара а цхьаьний «Саца» ала деза.
Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша д1адоьшу туьйра.
- Аша йешнарг х1ун йу? (Туьйра).
- Туьйранан х1ун билгалонаш йу цуьнан? (Къовсамехь кхоъ х1ума
йу, цара хабар дуьйцу.).
- Х1ун ду туьйранан коьрта маь1на? (Массо а х1уманал хьекъал
оьшу, хьекъал хилча, цунна карор бу ницкъ болу х1ума, масала,
лом, майралла).
2. Белхан тептар т1ехь болх бар.
3. Дагахь йешар.
Нийса дуй талла.
Кицанаш:
Коьртехь хьекъал ца хилча, когаша къахьоьгу.
Х1ума хаар – нахе ладог1ар.
Жам1 дар.
- Муьлха произведени йийшира вай?
- Мила ву цуьнан автор?
- Стенах лаьцна дара туьйра?
- Х1ун хьекъал ло шуна туьйрано?
Ц1ахь бан болх:
Шера д1адеша 1. Чантиевн
«Хьекъал тоьлла» ц1е йолчу
туьйранан 1 - ра дакъа.