Презентация "Коран ангали" Ж.Махмаев
- Рубрика: Презентации / Другие презентации
- Просмотров: 69
Презентация для классов "Презентация "Коран ангали" Ж.Махмаев" онлайн бесплатно на сайте электронных школьных презентаций uchebniki.org.ua
1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: Жамалдин Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу байт йовзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а
байтан тексташ йеша 1амор;
кхетам – кхиоран: шен матте болу безам к1аргбар.
Догдаийтаран мур.
Кицанаш:
Ала атта ду, дан хала ду х1ума.
Барт болчохь – беркат,
барт боцчохь – зулам.
Дешархойн долчу хаарийн актуализаца йаран мур.
Ц1ахь 1амийнарг хотту.
Бераша д1адоьшу Хь. Саракаевн «Тхойшинна эсий
дажо лаьа» ц1е йолчу дийцаран 2 - г1а дакъа.
Бераша дехкина суьрташ таллар хьехархочо
х1ораннан сурт хьа а оьцуш вукхарна т1едуьллу
суьртана к1айдарг кара а йина д1айешар.
Мотт шарбар.
Дог1а.
Дог1а дог1у, дог1а дог1у,
Лаьттахь ловзу чуьппалгаш.
Когаш1уьйра девлла уьду,
Бераш, урам хедабеш.
Церан аьзнаш дека хезаш,
Болар сихдо дог1ано.
Йекхайелла йаххьаш лийчош,
Т1адамаша хелхар до.
(Т. Ахмадова).
- Д1айеша меллаша цхьана озаца.
- Д1айеша ч1ог1а цхьанаэшарехь.
- Д1айеша кхетош.
- Стенах лаьцна йу стихотворени? (Дог1анах).
- Х1ун до бераша?
- Аша леладой ишттаниг?
1алашо йовзийтар.
Муьлха дийцар ду вайна тахана 1амо билгалдаьккхина?
(«Коран ангали»).
- Мила ву цуьнан автор? (Ж. Махмаев)
- Х1ун болх бийр бу аша и дийцар дика 1амийта? Х1ун кхиамаш
хир бу аьлла хета шуна? Х1оттайе план.
- Вайна тахана девзар ду Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу
дийцар. Шуна 1емар ду нийса а, кхеташ а дийцаран тексташ
йеша.
Сада1аран минот.
Цхьана дашах – маситта.
Даймохк.
Элпаш дехьа – сехьа а дохуш, керла дешнаш кхолла далийначу дешнех.
Базар, восса, бала, лекха, мокха, лами.
Нийса дуй талла:
Да, мохк, дохк, ахк, мода, ка, мох, мах, май,
йома, йод, до…
Базар – забар, восса – совса, бала – лаба,
лекха – кхела, мокха – кхоам, лами – мила.
ахк – горная река.
до – кукурузохранилище
кхела – къена говр
Керла тема кхин д1а а хьехар.
1. Бераша цхьанаэшарехь меллаша озаца массара цхьана
д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу дийцар.
2. Бераша цхьанаэшарехь ч1огачу озаца массара цхьана
д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу дийцар.
3. Бераша цхьанаэшарехь ч1ог1ачу озаца массара цхьана
д1адоьшу Ж. Махмаевн «Коран ангали» ц1е йолу дийцар,
т1адам болчохь соцунга а йеш кхетош.
Чулацамах къамел дар.
- Муха дуьйхира коран ангали? Д1айеша и меттиг.
- Коран ангалий дохийначо шегара х1ун ледарло йалийтира?
(Цо ша дохийна кор аьлла , ца элира).
- Иза муха к1ант ву? (Ледара).
- Аша х1ун дийр дара шайгара ишттаниг даьлча? Берий жоьпаш.
- Х1ун хьоьху цу дийцаро?
Къастаде жоп.
Ледара ма хила боху.
Коран ангали дохаде.